Exodus 31:12-14
Шоьтан садоӀу де ларар
12Везачу Эло Мусага элира: 13«ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. 14Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву.
Copyright information for
CheCAC2012