‏ Ezekiel 1:15-21

15 aЦу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь. 16ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. 17И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура. 18 bТкъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара. 19И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора. 20Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. 21И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.
Copyright information for CheCAC2012