Ezekiel 1:5-10
5 aДарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. 6Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара. 7Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра. 8Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара. 9Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора. 10 bЦеран хӀораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агӀор – стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра.
Copyright information for
CheCAC2012