Ezekiel 10:9-13
9 aДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра. 10ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. 11И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш. 12 bЦеран дерриг а дегӀ – букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а – бӀаьргех дуьззина дара. 13Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.
Copyright information for
CheCAC2012