Ezekiel 2:8-10
8Ткъа ахьа, адаман кӀант, Ас хьайга бохучуьнга ладогӀа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гӀаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дӀадаа». 9 aТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара. Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.10 Ezekiel 3:1-3
1 bЦо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила». 2ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира. 3ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.
Copyright information for
CheCAC2012