bАрадаккхар 31:13-17.
Ezekiel 20:11-13
11 aАс царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. 12 bАс Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла. 13Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш.
Copyright information for
CheCAC2012