Ezekiel 21:28-32
Тур а, Ӏамминхой а
28 a«Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал!И тур баттара даьккхина ду,
заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а,
стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.
29Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду. 30Батта юхадилла тур. Ас кхел йийр ю хьуна, хьо кхоьллинчу меттехь, хьо дуьнен чу ваьллачу лаьтта тӀехь. 31Ас Сайн оьгӀазалла хьуна тӀе яссор ю, ткъа Сайн дераллин цӀерца хьуна тӀе садоьӀур ду. Ас къизачу нахе дӀалур ву хьо, адамаш хьийзо корматалла карайирзина болчу. 32Хьо цӀарна дечиг хилла дӀахӀуттур ву, хьан цӀий хьан лаьтта тӀехь Ӏанор ду, хьо цхьанна а дагавогӀур вац. Веза Эла волчу Ас боху иза’“».
Copyright information for
CheCAC2012