Ezekiel 25:1-7
Ӏамминхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам
1 aВезачу Элан дош кхечира соьга: 2«Адаман кӀант! Ӏамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга. 3ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь. 4Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дӀалур ду. Цара шун латта дӀалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. 5Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’. 6Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, 7Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дӀакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дӀа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дӀа а хедар бу шун мохк. Ас хӀаллакдийр ду шун халкъ, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
Copyright information for
CheCAC2012