‏ Ezekiel 25:12-14

Эдоман къомана дуьхьал болу Делера хаам

12 aХьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла. 13И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хӀаллакдийр ду. Теманна тӀера Дадданна тӀе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хӀаллаквина а хир ву. 14Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012