Ezekiel 25:8-11
Муабин къомана дуьхьал болу Делера хаам
8 aХьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш. 9Цундела Ас Муаби-мехкан дозанашкахь йолу гӀаланаш схьайохур ю, царна юкъахь мехкан уггар хаза гӀаланаш – Байт-Яшимут а, БаӀал-МаӀун а, Кхиръятим а – елахь а. 10Ас и мохк, Ӏамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дӀалур бу, кхечу къаьмнашна Ӏамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама. 11Ас таӀзар дийр ду Муаби-къомана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for
CheCAC2012