‏ Ezekiel 26

Цора-гӀалина дуьхьал болу Делера хаам

1 aХалкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Цора-гӀалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яӀ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гӀала йохийна ю! Йохкар-эцаран неӀ тхуна схьа-ма-йиллина! И гӀала хӀуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“

3Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гӀала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тӀегӀуртур ду, хӀордан йистана тулгӀенаш тӀе-ма-гӀорттара. 4ТӀаккха Цора-гӀалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бӀаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш. 5Цора-гӀала хӀорда юккъехь чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гӀалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. 6Ткъа гӀайренна дуьхьал хӀордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хӀаллакбийр бу. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“.

7Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гӀалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гӀудалкхашца а, дошлошца а схьавогӀур ву. 8Набухди-Нецара хӀордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хӀаллакбийр бу. Цо, гӀала схьаяккхархьама, тӀеман гӀирс а дӀахӀоттор бу, гӀалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду. 9Цо оганаш херцош долу бӀогӀамаш хьан пенашна дуьхьал деттар ду, хьан бӀаьвнаш зӀокбергашца йохор ю. 10Цуьнан говраша яьккхинчу чено хьо къайла а йоккхуш, дукха говраш хир ю цуьнан. Хьан пенаш цуьнан говраша а, гӀудалкхаша а яьккхинчу гӀовгӀано дегор ду, иза гӀалин кевнехула, йохийначу гӀалина чу ма-ваххара, чувогӀучу хенахь. 11Шен говрийн бергашца цо хьан гӀалин урамаш дохор ду, хьан халкъ цо таррашца отур ду, ткъа хьан андий бӀогӀамаш лаьтта тӀе охьадеттар ду. 12Цара хьан дерриг а хьолана талор дийр ду, хьан йохкаэцаран хӀуманаш шайна схьаоьцур ю. Иштта хьан пенаш а дохор ду, хьан хаза цӀенош а хӀаллакдийр ду цара. Цунах йисина къапалг а, дитташ а, латта а хӀорда чу кхуссур ду. 13 bАса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. 14Ас хьо, ерзина тарх а йина, дӀахӀоттор ю. Хьо чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Хьо кхин юхаметтахӀоттийна хир яц, хӀунда аьлча Аса, Везачу Эло, боху иза“. Иштта элира Хьалдолчу Эло».

15Иштта боху Хьалдолчу Эло Цора-гӀале: «Хьо южуш даьллачу татанах а, чевнаш хиллачара дечу узарех а, хьуна чохь адамаш дайарх а, кхераделла, дегор дац теша хӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш? 16 cХӀордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гӀанташ тӀера хьала а гӀевттина, шайна тӀера хаза тӀамарш тӀехь йолу обанаш дӀа а яьхна, сингаттаман духар тӀе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш. 17Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду: „Хьо къайла ма яьлла, ва цӀеяхана гӀала!
Хьуна чохь хӀордахой Ӏаш ма бара.
Хьо хи тӀехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра,
хьо а, хьан бахархой а.
Цара кхерамехь латтабора
хӀорда йистехь мел бехаш берш а.
18Ткъа хӀинца, хьо йоьжначу хенахь,
хӀордана йистехь дехаш долу
дерриг а къаьмнаш кхерарна дегош ду.
ГӀайренаш а ю кхерамах юьзна,
хьо хӀаллакьхилар бахьана долуш“».

19Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Ӏаш цхьа а стаг а воцуш йолу гӀаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тӀе хин тулгӀенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. 20Ас хьо эхарте кхочуьйтур ю, ширачу заманашкара адамаш долчу. Ас хьо лаьттан буха охьайохуьйтур ю, даима долчу къапалгашна юкъахь, эхарте кхаьчначаьрца цхьаьна. Хьуна чохь кхин цкъа а адамаш дехар дац, иштта дийна болчеран дуьнен чохь хьан сийлалла гойтур а яц. 21 dАс хьох къемате масала дийр ду, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц. Хьо наха лоьхур ю, амма кхин цкъа а хьо карор яц». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

‏ Ezekiel 27

Цора-гӀалина бина тийжам

1Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 2«Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар. 3ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гӀала!
Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху.
4Хьан дозанаш хӀордан юккъе кхечира,
хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина.
5Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш,
ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тӀекхуьуш долчу баганан диттах йина ю.
6Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара.
Хьан цӀенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра,
пийлан кӀомсарех кечйина йистош а йолуш.
7Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тӀамарш йолчу кӀадих дина дара,
уьш байракхаш санна дӀатоьхна а дара.
Элша-гӀайренна тӀера деана стигалан басахь а,
таьӀна-цӀен а долу кӀадеш хьан шаршу хилла дӀахӀиттинера.
8ЦӀаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой.
Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гӀала, кемалелорхой бара.
9Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш
Гебалара говзанчаш а бара хьан.
ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а
хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.

10Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. 11Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.

12Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш. 13Яван
Яван – таханлерчу хенахь иза Грекийн мохк бу.
а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш.
14Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора. 15Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш. 16Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш. 17ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. 18Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а. 19Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш. 20Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца. 21Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш. 22Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш. 23ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора. 24Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара. 25 fАхьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра,
хӀордана юкъахь нисъелла.
26Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера,
ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
27Хьан хьал хи буха гӀур ду,
ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду.
Хьоьца мел хилларш – хинкема дӀадохуьйтуш берш а,
цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а,
хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а –
уьш берриш а хи буха гӀур бу.
И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.
28Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш,
латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.

29Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу,
хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.
30Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду,
шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
31Цара, шайн кортош а даьшна,
шайна тӀе сингаттаман духар а дуьйхина,
дог доьхна, хьуна белхар дийр ду
къаьхьачу бӀаьрхишца.
32Боьлхуш, тийжаш,
цара хьох лаьцна хӀара йиш дӀалокхур ю:
‹ХӀордана юккъехь узарш деш йолу
Цора-гӀала саннарг кхин муьлха яра?
33Хьан совдегарша, хӀорда тӀехула а лелаш,
дуккха а къаьмнаш Ӏабадора.
Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хӀуманах а
дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора.
34ХӀинца хьо хӀордо хӀаллакйина,
хӀорда буха а яхана,
хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а
хьоьца хи буха дахана›.

35ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо. 36Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».

‏ Ezekiel 28

Цора-гӀалин баьччана дуьхьал Делера болу хаам

1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. 3Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. 4Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. 5Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.

6Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, 7Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю. 8Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо. 9ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со – Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац 10Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».

Цора-гӀалин баьчча вожор

11Везачу Элан дош кхечира соьга: 12«Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра,
хьекъалаллех вуьззина вара,
хьо уггар хазаниг а вара.
13Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара,
хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра:
рубинца а, топазца а, алмазца а,
хризолитца а, ониксца а, ясписца а,
саппирца а, карбункулца а, изумрудца а.
Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара.
И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
14Хьо къобалдина каруб-малик дара,
Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера.
Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.
15Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь
хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна,
хьуна чохь зулам карадаллалц.
16Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш,
хьо къизаллех а вуьзна,
ахьа хьайх къинош а летийна.
Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина.
Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.
17Хьан хазалла бахьана долуш
куралла йоьссина хьан даг тӀе,
хьайн дозалла бахьана долуш
хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа.
И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна,
паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.
18Ахьа дукхазза а къинош леторна а,
ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а,
хьайн еза меттигаш ахьа бехйина.
Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас,
цо хьо дӀа а кхаьллина.
Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас,
хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
19Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш,
инзардевлла, Ӏадийна ду.
Хьан чаккхе къемате яра,
ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».

ЦӀадан-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам

20 gСоьга Везачу Элан дош кхечира: 21«Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 22ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий: „ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву.
Хьуна чохь Со гӀаравер ву.
Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а,
Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а,
хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
23Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду,
хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду.
ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду.
ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.

24Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».

Исраилан халкъ декъалдина хилар

25Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу. 26Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».
Copyright information for CheCAC2012