Ezekiel 27:26-30
26Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера,ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
27Хьан хьал хи буха гӀур ду,
ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду.
Хьоьца мел хилларш – хинкема дӀадохуьйтуш берш а,
цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а,
хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а –
уьш берриш а хи буха гӀур бу.
И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.
28Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш,
латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.
29Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу,
хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.
30Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду,
шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
Copyright information for
CheCAC2012