‏ Ezekiel 29

Мисар-махкана дуьхьал Делера болу хаам

1 aХалкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан шуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 3Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун,
Со хьуна дуьхьал ву,
хьо боккха саьрмик санна ву,
хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Ӏуьллуш болу.
Ахь боху: ‹ХӀара Нил-хи сан ду,
иза аса кхоьллина а ду›.
4Амма Аса хьан мочхалех мӀара а тесна,
хьан пелагашна тӀе хьан хиш чуьра чӀерий а латийна,
хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу,
хьан пелагашна тӀелеттачу чӀерашца цхьаьна.
5Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу,
хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а.
Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу,
цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац.
Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний,
стигаларчу олхазаршний дӀалур бу,
цаьрга баийта.
6 bТӀаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна,
Со Веза Эла вуйла.
Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гӀо лехча,
хьо, эрз санна, ледара гӀортор ма яра.
7Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча,
хьо бекъабелла дӀабелира,
церан ерриг а белшех кӀохцалш а дохуьйтуш.
Уьш хьох шайна гӀортор ян хӀиттича,
ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.

8Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тӀе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хӀаллак а деш. 9Бассалур бу Мисар-мохк, тӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла.

‹ХӀара Нил-хи сан ду, хӀара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш,
10Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тӀе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тӀе кхаччалц а. 11Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. 12Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дӀахӀоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гӀаланаш йохийначу гӀаланашна юкъахь хир ю. Аса дӀасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу’.

13Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дӀадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийначуьра. 14Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатӀрусан лаьтта тӀе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чӀагӀъелла дӀахӀуттур яц. 15Иза кхечу пачхьалкхашна юкъахь уггар гӀийла пачхьалкх хилла лаьттар ю, кхин цкъа а кхечу пачхьалкхел лакха а ер яц. Ас кӀеззиг бийр бу уьш, кхин цкъа а кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалла а деш дӀа ца хӀиттийта. 16Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гӀо а ца доьхуш, Мисар-махке гӀо а дехна, латийна долу къинош. ТӀаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».

Набухди-Нецар-паччахьо Мисар-мохк схьалацар

17Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе ворхӀалгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 18«Адаман кӀант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гӀелдина, Цора-гӀалина дуьхьал цаьрга тӀом а бойтуш. Массо а тӀемалойн месаш тилла дӀаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хӀумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал». 19Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дӀалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тӀехь талораш а дайтина, церан бахам шен тӀемалошна, алапа санна, дӀабалийта. 20Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.

21«Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла».

‏ Ezekiel 30

Мисар-мехкан кхоьлина де

1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тийжа а тийжаш, ала:
‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›
3Иза уллохь ду,
Везачу Элан де.
Кхоьлина хир ду
и халкъашна гӀайгӀане долу де.
4Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду.
Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а,
цуьнан бахам схьабаьккхича а,
Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а,
Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.

5Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’.

6Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю,
южур ю цуьнан сийлалла а,
дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а,
Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц
массо а туьро вожор ву’.
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
7‘Бассийначу мехкашна юкъахь а
иза уггар а бассийнарг хир бу,
яссийначу гӀаланашна юкъахь а
уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.
8Со Веза Эла вуйла хуур ду царна,
Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна,
цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.

9Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’

10Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре
Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.
11Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а
Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама.
Цара шайн тарраш хьала а даьхна,
дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
12Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду,
ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду,
кхечу махкарчу нехан карахула
Ас дассор ду и латта.

Иза Ас боху, Везачу Эло’.

13Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу,
Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу.
Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо.
Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
14Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю,
ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.
15Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю,
Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.
16Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю,
Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю,
дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.
17Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах
туьро хӀаллакбийр бу,
ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.
18Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду,
Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа,
цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а.
Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе,
ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.
19Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана,
тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».

Мисар-мехкан паччахьан ницкъ кагбар

20Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 21«Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». 22Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. 23Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. 24Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву. 25Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 26Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».

‏ Ezekiel 31

ПирӀун баганан диттах тарвалар

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала: „Хьайн сийлахь хиларца
хьо хьаьнца нисво ахьа?
3Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке,
шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш,
ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу.
Цуьнан бохь мархашна юкъахь
Цхьана ширачу гочдар тӀехь: мархашна юкъахь. Ӏебархойн тептар тӀехь: стоммачу гаьннашна юкъахь.
бара.
4Хино и дитт кхиадора,
бухарчу хиша иза лакхадаьккхира.
Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш
гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.
5Вукху диттел а лекха дара иза,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш
кхоччуш дукха хи дара.
6Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора,
лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора.
Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.
7Лекха а долуш, хаза дара и дитт,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.
8 dДелан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора.
Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора,
пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора.
Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.
9Дуккха а гаьннаш а делла,
Аса иза хаздинера,
цундела Ӏеданера массо а дитташ,
Делан бешахь долу массо а дитташ
цунах хьоьгуш дара“».

10Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, 11Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дӀаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дӀадаьккхина иза. 12Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дӀатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тӀе а, тогӀеш тӀе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ӀиндагӀера дӀадаханера. 13Дамардарц хилла Ӏуьллучу цу дитта тӀехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. 14Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тӀекхача ца гӀертийта а. ХӀунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Ӏожалле дӀахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дӀабохуьйтучу метте дӀабохуьйтур бу».

15Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Иза эхарте кхаьчначу дийнахь, Ас цунна тезет хӀоттадайтира. Иза бахьана долуш Аса бухара хи а дӀалакъийра, цунна тӀедогӀу хиш а совцийра, ткъа даккхий хиш кхин дӀа а ца дахийтира. Ливанун-мохк а, гӀайгӀане бина, дӀахӀоттийра Ас, ткъа дерриг а дитташ дара маргӀалдулуш. 16И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дӀабаханчу вукхарна тӀаьхьа, бух боцучу Ӏин чу дӀахьажийча. ТӀаккха хӀинцале а лаьттан буха даханчу Ӏеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Ӏебира оцунах. 17Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дӀакхаьчна. ХӀинца уьш туьро хӀаллакбиначарах дӀакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ӀиндагӀехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера.

18Иштта, Ӏеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хӀинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дӀахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тӀемашкахь хӀаллакбина болчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур ду. Иза хир ду пирӀунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

‏ Ezekiel 32

ПирӀунах болу тийжам

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран шуьйтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элан дош кхечира соьга: 2«Адаман кӀант! ХӀара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунах лаций дӀаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета,
амма билггал аьлча, хӀорда чуьра саьрмик санна ву хьо!
Хьайн хишна чохь хьайн мерӀуьргашца синош доху ахь,
хьайн когашца хи а даржош,
иштта и хи дӀаса а детташ“».

3Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дуккха а халкъашна а гуш,
Ас хьуна тӀе Сайн бой тосур ю,
ткъа цу адамаша хьо Сан бойнаца хьалабоккхур бу.
4Ас хьо лаьтта тӀе охьатосур а бу,
ткъа аренгахь хьо дӀа а тосур бу.
ТӀаккха хьуна тӀе стигалара дерриге а олхазарш а хуьйшур ду,
ерриге а лаьттара акхарой а хир ю
шаьш юззалц хьо бууш.
5Ас хьан жижиг лаьмнашкахула дӀасакхуьссур ду,
тогӀеш хьан докъах хьалаюзур ю.
6Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тӀе кхаччалц, цӀийх хьалаюзур ю,
цу цӀийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду.
7Хьо дӀабайича, Ас стигалш а дӀакъовлур ю,
седарчий а кхолуьйтур ду,
мархашца малх а дӀакъовлур бу,
батто а шен серло лур яц.
8Стигалара массо а серло луш йолу хӀума Ас дӀакъовлур ю,
тӀаккха дерриг а хьан лаьтта тӀехь бода хӀуттур бу».

Иштта боху Хьалдолчу Эло.

9«Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гӀайгӀане хилла дӀахӀуьттур ду, Ас хьох дисина дакъош кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаьхьча а,
хьуна ца девзачу мехкашка уьш дӀадаьхьча а.
10Ас дуккха а халкъаш Ӏадор ду,
церан паччахьаш чӀогӀа кхералур бу,
Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча.
Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш,
кхоьруш, бегош хир бу,
царах хӀорра а, шайн дахар бахьана долуш,
кхоьруш хир бу».

11ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур
хьуна дуьхьал доккхур ду.
12Цуьнан эскархойн таррашца
Ас хьоьца болу нах хӀаллакбойтур бу.
И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу,
цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю,
цуьнан мел долу халкъ хӀаллак а дийр ду.
13Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хӀаллакдийр ду,
адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.
14Ас синтем лур бу Мисар-мехкан хишна,
тӀаккха уьш, даьтта санна, меллаша дӀаоьхур ду».

Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15«Мисар-мохк Ас бассор бу,
цуьнан массо а хӀума хӀаллакьхир ду.
Цу махкахь мел вехаш верг Ас охьатоьхча,
царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
16Иштта бу и бен болу тийжам.
Кхечу къаьмнийн зудабераша бийр бу иза.
Мисар-махках а, цигарчу халкъах а лаьцна
бийр бу цара и тийжам».

Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Мисар-мохк эхарте кхачар

17Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран тӀаьххьарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 18«Адаман кӀант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дӀадига, коше дӀабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. 19ДӀаала цаьрга: „Шу хьанал гӀолехь ду?
ДӀагӀо цига,
сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“.

20Мисар-мохк тӀамехь байъинчарна юкъахь Ӏуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дӀадигна хуьлийла. 21Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хӀаллакбина, охьа а бехкина, Ӏохкуш бу цигахь“.

22Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хӀаллакбина. 23Церан кешнаш эхартехь уггар а кӀорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Ӏадийнехь а.

24Цигахь Ӏейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тӀемалой хӀаллакьхилла тӀамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. 25ХӀаллакбина Ӏохкучарна юкъахь Ӏейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Ӏохкуш хӀаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хӀаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а, хӀинца цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. ХӀаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш.

26Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина а бу, хӀунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора. 27Уьш байъинчу ширачу заманахь
Грекийн гочдар тӀехь: сунтбаза болчаьрца. Ӏебархойн тептар тӀехь: ширачу заманахь болчаьрца.
лаьтта бухахь Ӏохкуш бац. ХӀорш шайн герзаца дӀабоьхкина, церан тарраш церан гӀовлангахь Ӏохкуш ду, ткъа церан турсаш
Турсаш – иштта, схьахетарехь, деша деза тептар. Делахь а Ӏебархойн маттахь: къинош.
церан даьӀахкашна тӀехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Ӏадийнера.

28Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хӀаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хӀаллакбинчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур бу.

29Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тӀемалой бара, ткъа хӀинца туьро хӀаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Ӏохкуш бу.

30Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цӀаданхойн тӀемалой а бу. Туьро хӀаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Ӏохкуш бу, шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дӀаяхьа.

31ХӀаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирӀунна дӀагича, цунна синхьаам хир бу и хӀаллакбина нах бахьана долуш, хӀунда аьлча пирӀун а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

32«ПирӀуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Ӏададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дӀабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012