‏ Ezekiel 3:16-21

Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар

(Яхьазкхиал 33:1-9)

16ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира: 17«Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа. 18Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. 19Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду.

20Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. 21Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».
Copyright information for CheCAC2012