Ezekiel 33:1-9
Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар
(Яхьазкхиал 3:16-21)
1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега. 3Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду. 4Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. 5Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо. 6Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“. 7Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа. 8Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду. 9Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».
Copyright information for
CheCAC2012