Ezekiel 43:2-5
2 aТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. 3Суна хӀоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хӀаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хӀоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хӀоьттинчу суьртех тера а дара. ТӀаккха со бертал вуьйжира. 4Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дӀадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цӀа чу делира. 5ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар.
Copyright information for
CheCAC2012