‏ Ezra 4:1-5

Делан цӀа юхаметтахӀотторна дуьхьалбовлар

1ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла. 2Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду».

3Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».

4ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама. 5Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша
Дари-Ваша – оцу гӀуллакхех лаьцна ткъе доьалгӀачу аятана тӀера кхидӀа дуьйцуш ду. ЯлхалгӀачу аятана тӀера ткъе кхоалгӀачу аятана тӀекхаччалц дуьйцуш дерг бӀе шо сов хан яьллачул тӀаьхьа ду.
паччахь дӀахӀотталц.
Copyright information for CheCAC2012