Genesis 1:6-9
6 aДала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла». 7Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. 8Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а. 9ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира.
Copyright information for
CheCAC2012