Genesis 11:10-26
Шимина тӀера Ибрам тӀе кхаччалц йолу тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:24-27)
10ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг. Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира. 11Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 12Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. 13Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 14Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар. 15Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш. 16Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча. 17ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 18ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. 19Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 20Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча. 21СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 22Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир. 23Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш. 24Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира. 25ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан. 26ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.
Copyright information for
CheCAC2012