‏ Genesis 12:1-5

Ибрама Дала тӀедиллинарг кхочушдар

1 aВезачу Эло элира Ибраме:

«Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.
2Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду,
хьо декъал а вийр ву,
хьан цӀе а ойур ю,
наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.
3 bАс декъалбийр бу хьо декъалвеш берш,
неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна,
дуьнен чуьра массо а халкъ
хьоьгахула декъал а дийр ду».

4Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. 5Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира.
Copyright information for CheCAC2012