Genesis 12:1-9
Ибрама Дала тӀедиллинарг кхочушдар
1 aВезачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо. 2Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду,хьо декъал а вийр ву,
хьан цӀе а ойур ю,
наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.
3 bАс декъалбийр бу хьо декъалвеш берш,
неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна,
дуьнен чуьра массо а халкъ
хьоьгахула декъал а дийр ду».
4Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. 5Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира. 6Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой. 7 cИбрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. 8Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. 9Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.
Copyright information for
CheCAC2012