Genesis 18:1-8
Кхо хьаша
1Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза. 2 aХьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. 3«Эла! – элира ИбрахӀима, – Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь. 4Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна. 5Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха». 6Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». 7ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. 8Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.
Copyright information for
CheCAC2012