‏ Genesis 18:20-33

20Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. 21Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».

22Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. 23Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна? 24ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа? 25Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»

26ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».

27ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла. 28Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».

29Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?»

«Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», – жоп делира Хьалдолчу Эло.

30«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахӀима.

«Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло.

31ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».

32Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».

33ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.

‏ Genesis 19:1-25

Седам-гӀала а, Гомар-гӀала а йохор

1Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. 2«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас.

«ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.

3Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира. 4Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира. 5 aУьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»

6ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира. 7Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! 8Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».

9Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь. 10ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира. 11 bТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.

12Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий – милла велахь а кху гӀалара араваккха. 13Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян». 14Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.

15ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».

16 cАмма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира. 17Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»

18Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар. 19Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со. 20Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».

21Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала, 22амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).

23Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш. 24 dОццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна. 25Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а.
Copyright information for CheCAC2012