‏ Genesis 19:1-3

Седам-гӀала а, Гомар-гӀала а йохор

1Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. 2«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас.

«ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.

3Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира.
Copyright information for CheCAC2012