Genesis 19:24-28
24 aОццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна. 25Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а. 26 bЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира. 27Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим. 28Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.
Copyright information for
CheCAC2012