‏ Genesis 2:18-23

18ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».

19Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира. 20Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.

21ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира. 22Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.

23Адамо элира: «ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю,
дилха а сан дилханах ду,
кхуьнан цӀе а адам
Адам – Ӏебархойн маттахь «зуда» бохург «стаг» бохучуьнца цхьаьна доьзна ду.
хир ю,
иза майрачух яьккхина дела».
Copyright information for CheCAC2012