Genesis 20:3-7
3Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю». 4Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа? 5ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас». 6ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. 7ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».
Copyright information for
CheCAC2012