‏ Genesis 25:29-34

29Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. 30Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)

31Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».

32«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава.

33 aЯкъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа».

Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава.
34ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.
Copyright information for CheCAC2012