Genesis 27:30-40
30Исхьакха декъал а вина, Якъуб дӀавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. 31Шен дена дукхаезаш йолу яа хӀума а кечйина, схьавеанчу Ӏесава элира: «Дада, хӀара со ву, хьан кӀант. Хьала а гӀаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тӀаьхьа со декъалвийр ву ахь». 32Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?» «Со хьан дуьххьарлера кӀант, Ӏесав ву», – аьлла, жоп делира Ӏесава. 33Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хӀума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хӀума а йиъна, декъалвира иза, хӀинца иза декъалвина ву». 34Ден дешнаш хезна, оьгӀаз а вахана, гӀаддайначу Ӏесаван мохь белира: «ТӀаккха со а вехьа декъал, дада!» 35«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догӀу декъалвар дӀа а эцна!» – элира Исхьакха. 36 a«Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“бохучух тера)! – элира Ӏесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаийци, ткъа хӀинца декъалвар а дӀадаьккхи». Юха дега хаьттира Ӏесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?» 37«Дукха тӀаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тӀехь олалла дӀаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагӀар а. Сан кӀант, хьуна дала хӀумма а дац сан!» 38 bАмма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Ӏесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!» 39 cТӀаккха элира цуьнга Исхьакха: «Токхе лаьтта тӀехь вехар вац хьо,тоъал догӀанаш а хир дац хьуна,
40 dхьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан.
Хьайн вешин ялхо хир ву хьо,
амма цунна дуьхьал а гӀаьттина,
цуьнан олаллин кӀелхьара вер ву хьо».
Copyright information for
CheCAC2012