‏ Genesis 28:10-22

Бетал-гӀалахь Якъубана гина гӀан

10Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара. 11Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза. 12 aГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. 13 bСтигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас. 14 cЛаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду. 15Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».

16Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». 17Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! – элира цо, – ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».

18Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба. 19Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду).

20Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, 21нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. 22Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».
Copyright information for CheCAC2012