Genesis 29:1-20
Якъуб Падан-Араме вогӀу
1Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. 2Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара. 3Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура. 4Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?» «ХӀаранера ду», – элира цара. 5«Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» – аьлла, хаьттира Якъуба. «Вевза», – жоп делира Ӏуша. 6«Муха Ӏаш ву иза?» – хаьттира Якъуба. «Дика Ӏаш ву, – жоп делира Ӏуша. – Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош». 7Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш». 8Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха». 9Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу. 10Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба. 11Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза. 12Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна. 13Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а. 14«Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе.Якъуба Леа а, Рахьал а ялайо
Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб. 15Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?» 16Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а. 17Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра. 18Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь». 19«Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», – элира Лабана. 20Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан.
Copyright information for
CheCAC2012