‏ Genesis 29:31-35

Якъубан кӀентий

31Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. 32Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». 33Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла». 34Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна». Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.35

Copyright information for CheCAC2012