‏ Genesis 3:1-5

Адамо дуьххьара къа латадар

1 aВезачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»

2Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, 3амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».

4ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, 5амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
Copyright information for CheCAC2012