‏ Genesis 35:16-19

Рахьал а, Исхьакх а кхалхар

16Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. 17ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву». 18Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду). 19Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза.
Copyright information for CheCAC2012