Genesis 36:1-19
Ӏесаван тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:34-37)
1Ӏесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тӀаьхье хӀара ю. 2 aКанаӀан-махкара зударий балийра Ӏесава: Ӏада а, АхӀлибам а, Басамат а. Ӏада яра хьетахочун Эйлонан йоӀ. АхӀлибам яра Ӏанин йоӀ а, хьаьвихочун ЦӀибӀонан кӀентан йоӀ а. 3 bТкъа Басамат яра ИсмаьӀалан йоӀ а, Набуятин йиша а. 4Ӏадас Ӏесавана Элипаз вира, Басамата РаӀал вира. 5АхӀлибама ЕӀуш а, ЯӀлам а, Кхорахь а вира. КанаӀан-махкахь Ӏесавана бина кӀентий бара уьш. 6Шен зударий а, кӀентий а, йоӀарий а, цӀахь болу ялхой а, даьхни а, КанаӀанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дӀавахара Ӏесав. 7Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тӀебаьхкина Ӏаш болчу лаьтта тӀехь дӀатарвала а, ваха а царна хала дара. 8Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом). 9СеӀир-лаьмнашкахь Ӏийначу эдомхойн ден Ӏесаван тӀаьхье хӀара ю. 10Ӏесаван кӀентийн цӀераш яра: Ӏесаван зудчун Ӏадин кӀант Элипаз а, Ӏесаван зудчун Басаматан кӀант РаӀал а.11Элипазан кӀентий: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. 12Ӏесаван кӀентан Элипазан ТамнаӀ цӀе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Ӏамалекх вира. Уьш Ӏесаван зудчун Ӏадин берийн бераш дара.
13РаӀалан кӀентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.
14Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа, ЦӀибӀонан кӀентан йоӀа АхӀлибама Ӏесавана бина кӀентий бара ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь.
15Ӏесаван тӀаьхьенах баьччанаш бара хӀорш: Ӏесаван дуьххьарлерачу кӀентан Элипазан кӀентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ, 16Кхуорахь, ГаӀтам, Ӏамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏадин берийн бераш а дара уьш.
17Ӏесаван кӀентан РаӀалан кӀентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаӀалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.
18Ӏесаван зудчун АхӀлибаман кӀентий: баьччанаш ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь. Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа АхӀлибама, бина баьччанаш бара уьш.
19Уьш Ӏесаван (Эдоман) кӀентий а, церан баьччанаш а бара.
Copyright information for
CheCAC2012