‏ Genesis 36:20-30

Эдомехь Ӏийначу СеӀиран тӀаьхье

(1 Шерашкахь 1:38-42)

20Ӏесав вале Эдомехь Ӏийнера хьорихо СеӀир. Цуьнан бара кӀентий: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 21Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеӀиран и кӀентий хьорихойн баьччанаш бара. 22Лутанин кӀентий: Хьори а, ХӀейма а. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.
23Шубалин кӀентий: Ӏалван, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.
24ЦӀибӀонан кӀентий: АяхӀу, Ӏана. Шен ден ЦӀибӀонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Ӏана вара иза.
25Ӏанин бераш: Дишон а, Ӏанин йоӀ АхӀлибам а.
26Дишонан кӀентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.
27Эцаран кӀентий: БилхӀан, ЗаӀван, Ӏакхан.
28Дишанан кӀентий: ӀуцӀа, Арани.

29Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 30Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеӀир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.
Copyright information for CheCAC2012