Genesis 36:31-43
Эдом-мехкан паччахьаш
(1 Шерашкахь 1:43-54)
31Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара: 32БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.33БулаӀ велча, цуьнан метта Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб паччахь хилира.
34Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.
35Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кӀант ХӀадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.
36ХӀадад велча, цуьнан метта Масрекха-гӀалара Самла паччахь хилира.
37Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гӀалара Шаул паччахь хилира.
38Шаул велча, цуьнан метта Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан паччахь хилира.
39Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта ХӀадад паччахь хилира. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. Мезахьабан йоӀан Матарадан йоӀ Ма-ХӀайтӀабал яра цуьнан зуда.
40ХӀорш ю Ӏесаван тӀаьхьенах болчу баьччанийн цӀераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат, 41АхӀлибам, Эла, Пинан, 42Кхеназ, Теман, Мубацар, 43Магдаал, Ӏирам. Эдомхойн ден Ӏесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тӀехь шайн-шайн тайпанашца Ӏаш бара уьш.
Copyright information for
CheCAC2012