‏ Genesis 37:5-10

5Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира. 6Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина. 7Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».

8Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?»

Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.

9Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».

10Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»
Copyright information for CheCAC2012