‏ Genesis 4:3-10

Дуьххьара стаг вер

3Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. 4 aТкъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. 5Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.

6ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву! 7Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».

8 bТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.

9ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?»

Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»

10 cТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.
Copyright information for CheCAC2012