‏ Genesis 41:53-57

53Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира. 54 aЮсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара. 55 bАмма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».

56Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 57Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.
Copyright information for CheCAC2012