‏ Genesis 46:1-7

Якъуб Мисар-махка воьду

1Исраил
Исраил – и ву Якъуб.
, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо.
2Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!»

«Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба.

3Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. 4Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».

5Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига. 6 bКанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. 7Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тӀаьхье дӀайигира.
Copyright information for CheCAC2012