Genesis 46:8-27
8ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а): Якъубан хьалхара кӀант Раабан. 9Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.10ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.
11Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
12ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.
13Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.
14Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.
15Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара. 16Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.
17Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.
18Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг. 19Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.
20 aМисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.
21Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.
22Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг. 23Данан кӀант вара: Хьушим.
24Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.
25Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг. 26Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара. 27 bМисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.
Copyright information for
CheCAC2012