‏ Genesis 50:7-13

7Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара. 8Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира. 9Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.

10Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. 11Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду). 12Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира. 13 aКанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама.
Copyright information for CheCAC2012