‏ Genesis 6

Дерриге а Латта хица къайладаккхар

1 aЛаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а. 2Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара. 3ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».

4 bЦу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.

5 cТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. 6Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. 7ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, – и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас». 8Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.

Нохьин тӀаьхье

9 dХӀара ду Нохьин тӀаьхьенах хилларг.

Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цӀена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара.
10Кхо кӀант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цӀераш йолуш.

11Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чӀогӀа бехделлера, латта зуламех дуьзнера. 12Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хӀора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дӀаваьлла дела.

13ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а. 14Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха. 15Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол
Дол – куьйган гоьлана тӀера пӀелгийн буьхьигаш тӀе кхаччалц барам.
барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза.
16Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха
Я иштта: Кеманан пенашна тӀехула тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг цхьа дол барамехь йиллина а йита.
. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де.
17Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду. 18Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. 19Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. 20Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. 21Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».

gНохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.22

‏ Genesis 7

1ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. 2Хьайца схьаэца хӀора тайпанах ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хӀора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а). 3ХӀора тайпана олхазарех а схьаэца ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а, церан тӀаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тӀехь. 4Ткъа ворхӀ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догӀа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тӀе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тӀера хӀаллак а деш».

5Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира.

6Хи тӀедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бӀе шо дара. 7 hНохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а. 8Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана 9(боьрша а, стен а). Шена Дала тӀе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира. 10ВорхӀ де даьлча, лаьтта тӀе хиш деара. 11 iНохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара. 12(И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).

13Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. 14Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тӀема мел йолу хӀума а, ша-ша тайпа олхазарш а. 15И массо а шайна чохь са долуш йолу хӀуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. 16Дала тӀе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хӀуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тӀаьхьа хинкеманан неӀ дӀачӀегӀира Везачу Эло.

17Лаьтта хи тӀедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. 18Хи, кхин а чӀагӀлуш, дебара лаьтта тӀехь, ткъа кема хин тӀехула лелара. 19Хи гулдалар лаьтта тӀехь тӀех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дӀахьулделира хи чохь. 20Лаьмнаш хьулделлачул тӀаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. 21Лаьтта тӀехь лелаш мел йолу садолу хӀума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дӀакхелхира. 22Дерриге а лаьтта тӀехь хилла йолу мерӀуьргашкахула садоӀуш мел йолу хӀума елира. 23Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.

Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь.24

Copyright information for CheCAC2012