Genesis 6:13-22
13ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а. 14Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха. 15Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол ▼▼Дол – куьйган гоьлана тӀера пӀелгийн буьхьигаш тӀе кхаччалц барам.
барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза. 16Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха ▼▼Я иштта: Кеманан пенашна тӀехула тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг цхьа дол барамехь йиллина а йита.
. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де. 17Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду. 18Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. 19Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. 20Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. 21Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна». cНохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.22
Copyright information for
CheCAC2012