Genesis 9:8-17
8Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а: 9«Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а, 10массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а. 11Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац». 12ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла: 13стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. 14Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча, 15Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла. 16Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт». 17Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012