‏ Hebrews 2:6-8

6 aМелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?
Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?
7Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза.
Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза
...вазвина иза – цхьадолчу тептарш тӀехь: Айхьа диначунна тӀехь куьйгалла дан хӀоттий иза.
.
8Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа».

Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
Copyright information for CheCAC2012