a Забур 94:7-11 (Грекийн).
Hebrews 3:7-11
Делан синтем
7 aЦундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,8дуьхьал ма довлалаш,
яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.
9Шун дайша Со зийра цигахь,
шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.
10Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира:
„Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш,
Сан некъаш ца девзина царна“.
11Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,
синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Copyright information for
CheCAC2012