Isaiah 1:11-14
11 aВезачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагӀанаш дахар? УьстагӀий дагоран сагӀанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тӀехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Ӏахарийн а, гезарийн а цӀий Суна тамехь дац. 12Шу Суна дуьхьалхӀитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. 13Ма кхехьа Суна ца оьшу совгӀаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягош, доху сагӀанаш. Бутт цӀинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тӀаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! 14Бутт цӀинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бӀаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кӀадвелла и мохь дӀакхехьа.
Copyright information for
CheCAC2012