‏ Isaiah 11:6-9

6 aТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю,
цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду,
эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду.
Жимачу беро лелор ду уьш.
7Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу,
церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю,
лоьмо, старо санна, ча дуур ду.
8Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду,
цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.
9 bБерриг а Сан безачу лам тӀехь
зен а, зулам а хир дац,
хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна,
Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.
Copyright information for CheCAC2012